Берашлахь полиомиелитана дуьхьалонна лерина иммунизаци йаран болх дӀахьо

Хууш ма-хиллара, Россин кхийолчу субъекташкахь а санна, вайн республикехь а дӀахьош бу полиомиелитана дуьхьалонна лерина иммунизаци йаран болх.

Цуьнан гурашкахь, субъектийн санитарин коьртачу лоьрийн лехамашца а догӀуш, вакцинацеш йеш йу 3 баттера 9 шаре кхаччалц долчу берашна.

Нохчийчохь и болх кхитӀе а дӀахьош хиларе терра, цунна лерина кхеташо а дӀайаьхьна могашалла Ӏалашйаран министерствехь.

Ведомствон куьйгалхочо Лорсанов Сулеймана, и болх, хӀора а беран хьал-де а толлуш, лаккхарчу тӀегӀанехь дӀабахьар тӀедожийна цигахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: