
Къоман проекташ кхочушйаран болх бовзийтарехь Россехь а рогӀера хьалхара меттиг йаьккхина «Вести республики» газетан редакцис.
Баханчу чиллин баттахь цаьрца боьзна 600 хаам зорбатоьхнера газетан сайта тӀехь.
Цул сов, къоман проекташ а, стратегин дӀадолорш а довзийтаран декъехь Россин субъекташлахь хьалхара меттиг Нохчийчоьно а йаьккхина.
Иштта, регионашкарчу модераторшлахь тоьлла Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон хаамийн а, зорбанан а департаментан директоран гӀовс Ахмадов ИбрахӀим.
Цо и толам тӀеккӀал 3-гӀа баьккхина бу.