Интернета чухула хӀуманаш эцар алсамдаьлла республикехь

Даханчу 2022-чу шарахь 29%-на алсамдаьлла Къилбаседе-Кавказан ФО-хь интернет-махлелор.

АКИТ йукъаралло бинчу оцу хаамехь билгалдаьлла дуьйцучу махлелоран барам 122,1 млрд ₽ хилар.

2021-чу шарахь и гайтам 95 млрд ₽-н барамехь бара.

Нохчийн Республикехь 6,6 млрд ₽-на (+29,9%) хӀуманаш эцна Интернета чухула.

Округ схьалаьцча, Интернета чохь уггаре а дукха тайп-тайпана техника (25,5%) а, йийбарш (18,3%) а, духарш а, мачаш а (17,3%) эцна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: