Мохкбегоро зенаш динчу шемахошна гӀо-орца латтош йу РОФ

Мохкбегоро зенаш динчу шемахошна гӀо-орца латторан болх жигара дӀахьош бу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.

Меттигерчу Хама провинцехь нах ханна дӀатарбинчу туьшашка кхачийна рогӀера гӀо — кхачанан сурсаташ, берийн даарш, гӀайбанаш, гоьнаш, йургӀанаш, и.д.кх.а.

И болх дӀабахьарехь гӀо-накъосталла деш Шемахь йолу Россин эскаран тоба а йу.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Иштта, Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, Алеппо гӀаларчу 50 доьзална ахчанца гӀо-накъосталла а дина.

Оцу беркатечу балхана 9 эзар доьзал йукъаозор ду Ӏалашонехь.

Чуваха хӀусамаш йоцуш 100 эзар сов стаг волчу цигахь доккха гӀо-орца ду иза, хӀунда аьлча, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу фондо дечу финансийн гӀоьнца меттигерчу бахархойн таро хуьлу хӀусамашца шайна аьтто бан.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: