
Карарчу шарахь тодийр ду «Ломаз-Йурт — Лаха-Невре — Аьхкин-Борзе» некъан 2,5 км дáкъа.
«Кхерамза дика некъаш» къоман проектан гурашкара и белхаш оцу некъан 41,5 — 44 км йохаллехь дӀахьур бу.
Силаман чкъор хийцина ца Ӏаш, оцу некъан билгалйинчу йохаллехь ший йист а тойийр йу, иштта, йукъараллин транспортан социйла а меттахӀоттор йу.
Билгалдоккху «Ломаз-Йурт — Лаха-Невре — Аьхкин-Борзе» некъ республикина доккха маьӀна долуш хилар — Соьлжа-ГӀалица хӀутту цо Теркан кӀоштан йарташ.