Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан (РОФ) кху деношкахь 11 шо кхаьчна.
Оцу хеначохь фондо иттаннаш эзарнашкахь нахана гIо дина. Могашалла галъяьлла, цунна дарба дан аьтто боцучарна а, чуваха хIусам йоцучарна а, иштта кхечарна а муьлххачу хенахь орцах яла кийча ю фонд. Фондан куьйгалхочо Кадырова Айманис къаьсттина тидам тIебохуьйту хIусамаш ярна. Дина эзар сов цIа, гIийла бохкучарна бIеннашкахь хIусамаш эцна. Гуттар а гIо до тIеман декхарш кхочушдеш декъалхиллачу Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхахойн доьзалшна.
Баккхий белхаш дIахьо кегийрхой ийманехь кхетош-кхиорехь. Дина керла маьждигаш, хьафизийн школаш, Россин дозанал арахьа а тодина зераташ. Бусалба дин чIагIдарехь белхаш дIахьош, итт эзар сов стаг ХьаьжцIа вахийтина.
Фондан дикалла, беркат социальни декъе а кхаьчна – йина керла школаш, больницаш, берийн бошмаш, кхийолу объекташ а. Тайп-тайпанчу министерствийн, ведомствийн дика болх беш болу белхахой билгалбохуш деза совгIаташ деш схьайогIу иза. Цуьнан гIоьнца республикин а, ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а тIегIанашкахь тайп-тайпана мероприятеш дIахьо.
Фондо заводаш, фабрикаш, фирманаш яхкар бахьана долуш 10000 стаг балха хIоттийна. Белхазалла лахъярехь йоккха гIулч ю иза.
Ала догIу, гIодаран организаци Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна 2004-чу шеран 28-чу июнехь кхоьллина хилар. Фондана куьйгалла деш ю Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан нана Кадырова Аймани.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
№ 73, еара, 2 июль, 2015 шо