Зударийн дуьненайукъарчу денца нохчийн зударий декъалбина Кадыров Рамзана

Зударийн дуьненайукъарчу денца нохчийн наной а, йижарий а, йоӀарий а, хӀусамнаной а декъалбина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

«Шу а, шун доьзалш а ирсе, могаш-маьрша хуьлийла, беркатца дехийла лаьа суна«, — йаздина цо.

Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, цара къахьоьгу хӀусамашкахь кхерч ларбеш, берашлахь дикалла а, къинхетам а, синмехаллаш а йаржош, дине а, Даймахке а, культуре а церан безам кхоллаболуьйтуш.

«Цуьнца цхьаьна, социальни а, экономикин а декъехь мохк кхиорна йукъахь а доккха дакъалоцу аш, йукъараллин а, политикин а дакъошкахь жигаралла а гойту«, — тӀетоьхна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Иштта, нохчийн зударийн хьокъехь дуьйцуш, шайна а, шайн доьзалшна а, халкъана а тӀе муьлхха а бала хӀоттарх а, уьш доьналлах цабохарна, турпалалла гайтарна тӀе тидам а бахийтина цо.

«Даймахкана тешаме а, муьтӀахь а болу кӀентий цара кхиорна, вайн дикачу, собаречу, къинхетамечу, хьекъалечу наношна доккха баркалла ала лаьа суна!«, — билгалдаьккхина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: