Шаьш йинчу дрон-камикадзех пайдаоьцуш бу «АХМАТ» спецназан бӀаьхой

Россин гӀаролан министерствона йукъайогӀучу «Запад-АХМАТ» батальонан бӀаьхоша жигара пайдаэца болийна шаьш йинчу дрон-камикадзех.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, мостагӀан салташна а, техникина а зенаш дарехь эвсара гӀирс бу иза, барамашца жима нисбеллехь а.

Иштта, шайх тешийна декхарш кхочушдар керлачу тӀегӀане даккхар Ӏалашонехь а долуш, нохчийн бӀаьхой дийно-дийно къахьоьгуш хиларо ша воккхавевеш хилар а хаийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

«ТӀеман кхидолчу дáкъошца вовшийн зеделларг довзийтаран болх жигарбоккоккхур бу вай, Коьртачу Буьйранчин тӀедахкарш сихонца кхочушдар коьртехь а долуш«, — йаздина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: