Нохчийн меттан шарна лерина цхьаьнакхетар — Мехкадаьттан-Йуьртахь

Нохчийн меттан шо дӀадолорна лерина доккха цхьаьнакхетар Мехкадаьттан-Йуьртан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъардешаран ишколехь а дӀадаьхьна.

Грозненски кӀоштан дешаран департаменто вовшахтоьхначу оцу маьӀнечу гӀуллакхехь дакъалецира НР-н дешаран а, Ӏилманан министра Дааев Хож-Баудис, ткъа къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн а министерствон цӀарах — Шуьйрачу хаамийн гӀирсийн белхахой кечбаран а, йухакечбаран а туьшан директора, нохчийн журналистикин ветерана Юнусов Хьамзата, иштта, йаздархоша Исмаилов Абус а, Сейлмуханов Мусас а, кхечара а.

Цхьаьнакхетаран гурашкахь нохчийн дахарна а, дааршна а, маттана а лерина гайтамаш а, нохчийн маттахь кечйина концертан программа а хилира.

Цул сов, маттах а, матто йукъараллин дахарехь лелочу маьӀнах а, мотт Ӏалашбарехь а, кхиорехь а дан дезачух а дуьйцуш, беркате къамелаш а дира гулбеллачара.6изменено 10:31

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: