Дукхувахин дикаллин доза дацара

82038dx500

29-чу июнехь Iуьйранна ирча кхаъ баьржира вайн махкахь. ДIакхелхина Абдурахманов Дукхуваха. Нохчийн Республикин Парламентан Председатель  санна вевзина ца Iаш, мехкан вуьззина патриот, халкъан яхь йолу кIант санна вевзаш вара иза.

Республикин ханна йолу Администраци Гуьмсехь яра Нохчийчохь тIеман тIаьххьара кампани дIайолаелча. Хьекъалца а, доьналлица а, гIиллакхца а шен накъосташна юккъехь къаьсташ вара Дукхуваха. ХIора денна Администрацин гIишло чохь отделийн куьйгалхой вовшахтухура Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхочо А-Хь.Кадыровс. Цигахь иза цкъа а ца Iара юьстах волий. Кхеташонийн уггаре а жигара дакъалацархо хуьлура Д.Абдурахманов. Дукха хан ялале  Ахьмад-Хьаьжас республикин юьртан бахаман министран дарже хIоттийра иза. Кхин хила йиш йоцуш кхераме а, хала а хан яра иза. Кадыровна юххе  наггахь бен стаг хIотта ца ваьхьачу хенахь, цунна уггаре а тешаме накъост хилла лаьттира Дукхуваха. Шен белхан декхарш кхочуш а деш, политики юккъе ца гIиртича а волуш волу министр, юьстах ца латталора. Халкъан мостагIашна дуьхьал герзаца тIом барх, тоьаш дацара. Халкъа юккъехь кхеторан болх бара дIабахьа безаш. Хьекъале политик а, стратег а, тактик а волчу Ахьмад-Хьаьжас и болх а цунах тешийра. Дукхувахех цуьнан бIо боьллера.

Ца гуш, ца ловш хIумма а ца дисира. А-Хь.Кадыров цхьанхьа дIасавахана хилча, Администрацина хьалха гуллуш хиллачу нахана дуьхьал хIотта везаш хуьлура Дукхуваха. Шен-шен лазам эцна веанчу хIора а стеган дог хьаста гIертара иза. Цу тIехь цунна доккха масал хилла дIахIоьттинера Ахьмад-Хьаьжа.

Тахана санна дагадогIу, А-Хь.Кадыровс Правительствон цIийнехь дIахьош хиллачу кхеташонашкахь Абдурахмановс федеральни нуьцкъаллин структурийн куьйгалхошка дина дIахьедарш. Бехк боцуш маьрша нах хьийзабайтарна, меттара дош олуш, цаьрга бехк боккхура, къарбора бехке берш. ТIеман прокурор а, республикин комендант а, тIеман эскарийн цхьаьнакхеттачу тобанан куьйгалхо а кхайкхинчу кхеташонехь хIоразза а дагардора цо цара дина зуламаш. Доккха гIо-накъосталла дора Дукхувахас Ахьмад-Хьаьжина. Цу хенахь шена хьалха лаьттачу декхарех коьрта цо лоруш хилларг нах паргIатбахар, тIом гуттаренна чекхбаккхар дара. Цу хьокъехь долу дIахьедарш, кхеташонашкахь дина ца Iара. Уьш Россин Президенте, Генеральни прокуратуре, тайп-тайпанчу юкъараллин-политикин организацешка дIадохьуьйтура. Цхьана минотехь а мукъа ца Iара  иза. Нохчалла дара Дукхувахехь. Кураллех цхьа зирх бацара цуьнгахь. Юьртан бахаман министр, Парламентан Председатель волчу хенахь цунна тIекхача йиш йолуш вара муьлхха а стаг. Цунна дало дуккха а тоьшаллаш ду. Иштта цкъа, министре вистхир вара ша телефон чухула аьлла, тхо долчу телевидени веара «Юбилейни» совхозера механизатор Эльмурзаев Iабдул-Хьамид. Дукхуваха шеца зIене ваьлча, чIогIа цецвелира иза. Цуьнга лерина ла а доьгIна, иза шена тIеван веза меттиг а, хан а билгалъяьккхира министра. ЧIогIа самукъадаьллера Iабдул-Хьамидан. Ша валлалц цунах лаьцна дийцира воккхачу стага.

2003-чу шарахь дуьйна Нохчийн Парламентана коьртехь вара Д.Абдурахманов. Бертахь боккха доьзал хилла дIахIоьттинера Парламент. Шен сица йолу оьздангалла а, йовхо а яра цо цигахь яржийнарг. Республикел арахьарчу къаьмнашца цунна санна гергарло лело хууш цхьа а хир вацара. Нохчийн цIе айъинера цо Россин регионашкахь.

Ахьмад-Хьаьжа декъала хиллачул тIаьхьа, цуьнан весеташ кхочушдеш, Кадыров Рамзанна дика накъост а хилла, халкъан дуьхьа вецаш, бакъ дуьнен чу дIаваха Дукхуваха. Массарна а халахетта иза кхалхар. Делахь а, Iожаллех хьалха цхьа а вер вац. Вала а ирс деза, олуш ду. Массарна дукха а везаш, лара а лоруш, шен яккха йоккха цIе а юьтуш, Дала базбина баийтинчу Мархийн баттахь дIакхелхи Дукхуваха. Дала декъал войла иза!

Дуккха а ду Абдурахманов Дукхувахех лаьцна дийца. Хан яьлча бен кхетар дац вай нохчийн махкана хиллачу эшамах. Цунах лаьцна дуккха а яздийр ду, кинош а йохур ю, цуьнан цIарах урамаш хир ду, школаш хир ю. Иза халкъан иэсехь вуьсур ву.

Дала гечдойла цунна!

Б.ДУДАЕВА

 № 73, еара, 2 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: