
Нохчийн Республикин Мехк-Дас дӀакхайкхийнчу «НОХЧИЙН МЕТТАН ГОВЗАНЧА» къовсаман 1-ра мур дӀабаьхьна тахана муниципалитеташкахь.
Дакъалацархошна кечйинчу 15 туьшахь дакъалецира 1 эзар гергга стага, шайн могӀарехь тайп-тайпанчу хенашкара а, даржашкара а нах а болуш.
Маттаца а, фольклораца а, къоман цӀейахханчу нахаца а доьзначу 26 хаттарна жоьпаш йаздан 3 сахьт хан а луш дӀабаьхьира таханлера мур.
Вовшахтохархоша билгалдаккхарехь, цхьа а кхачамбацар доцуш, хаза чекхбелира иза.
Туьшашкахь, талламаш а беш, хилира дешаран а, Ӏилманан а министр Дааев Хож-Бауди а, иштта, Нохчийн меттан институтан а, муниципалитетийн дешаран хьукматийн а векалш а.