
Спортан майда (700 м²) йан йолийна Шуьйтан кӀоштарчу Вашандарахь.
Мини-футболах а, баскетболах а, волейболах а ловза а, воркаутах пайдаэца а хьелаш долуш хир йу иза.
Цул сов, ша спортан майда йина ца Ӏаш, цуьнан гуо а тобийр бу.
«ГӀалин бегӀийла хьелаш кхоллар» программин гурашкахь дӀаболийна цигахь и белхаш.
КӀоштан префекта Акаев Руслана билгалдаккхарехь, меттигерчу бахархойн дехарца догӀуш ду и спортан майда йан йолор.