ГӀишлошйаран «Казбек» технопаркехь а пайдаэца тарло тутмакхех

Вайн махкарчу тутмакхашка гӀишлошйаран «Казбек» технопаркехь къахьегийтаран гӀуллакх дийцаре дина Чуьйри-Эвлахь.

ТаӀзар кхочушдаран федеральни гӀуллакхаллин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин а, технопаркан а векалийн барт хилла тутмакхех пайдаэцаран гӀуллакх кхитӀе а дийцаре дан.

ГӀишлошйаран гӀирсаш баран «Казбек» технопаркан, нагахь тутмакхех пайдаэца Ӏалашо йелахь, царна лерина къаьстина майданаш кечйан йезар йу.

Кхуззахь билгалдаккха догӀу тутмакхех пайдаэцаран гӀуллакх Соьлжа-ГӀалахь а, Устрада-ГӀалахь а, иштта, Гуьмсан а, Шуьйтан а кӀошташкахь а йолчу цхьамогӀа хьукматашца дийцаре деш хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: