
Москван пачхьалкхан университетан филиал кеста схьайоьллур йу Нохчийчоьнан пачхьенехь.
Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу университетан буха тӀехь хир йолчу цо тайп-тайпанчу дакъошкахь говзанчаш Ӏамор бу: пайде математика, информатика, биотехнологеш, фармаци, юриспруденци, менеджмент.
Карарчу хенахь белхалоша къахьоьгу дешаран чоьнаш а, лаборатореш а, студенташна лерина йукъарӀойлаш а кечйеш.
И болх МПУ-н говзанчашца цхьаьна дӀахьош бу.
Нохчийн Республикин Премьер-министран Хучиев Муслиман а, вице-премьеран Алханов Адаман а хиллачу цхьаьнакхетарехь билгалдаьлла иза.