«ГӀишлошйарца а, промышленностан сурсаташ дарца а, дина сурсаташ дохкарца а боьзна экономикин гайтамаш тӀеккӀал алсамбуьйлуш бу. Инвестицийн барам а 55%-на алсамбаьлла, 90 млрд ₽-н тӀегӀане а кхочуш. Малхбузено санкцеш кхайкхийна йоллушехь, гӀишлошйаран «Казбек» технопаркехь 4 заводан болх дӀаболо а ницкъ кхаьчна тхан. Иштта, садараӀаран а, туризман а «Ведучи» комплекс кхиорна тӀехь а къахьоьгуш ду. Цул сов, Соьлжа-ГӀалин аэропортана керла терминал йан а, цемантан завод тойан а дуьйладелла«, — КАДЫРОВ Рамзан.
Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан а тахана цхьаьнакхетар хилла хилар дагадоуьйту.