«Могашалла Ӏалашйаран декъехь дика жамӀаш ду тхан: коронавирусан инфекцина ревакцинаци йарехь а, диспансеризацин болх дӀабахьарехь а коьртехь ду тхо. Иштта, бахархой дебарехь а, бахархойн вуон амалш цахиларехь а коьртехь йу Нохчийн Республика«, — КАДЫРОВ Рамзан.
Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан а тахана цхьаьнакхетар хилла хилар дагадоуьйту.