Нохчийчохь кхин а офисаш схьайелла лерина йу «Промсвязьбанк».
Цкъачунна 2 офис бен йац оцу банкан вайн республикехь. И ший а, кхеташ ма-хиллара, Соьлжа-ГӀалахь йу.
И хьал хийцарца а догӀуш, вайн махкахь кхин а 2 офис схьайеллар дагалаьцна банкан куьйгалло: 1️⃣ — Гуьмсехь, 2️⃣ — ТӀехьа-МартантӀехь.
Цул сов, шен банкоматаш алсамйахаран декъехь а къахьоьгур ду банко — Нохчийчохь уьш 200 сов хилийтар ду Ӏалашонехь.