Нохчийн Республикин Парламентан Председателан Д.Абдурахмановн тезет Гуьмсан районерчу Джалка юьртахь хилира. Бакъонца мехкан тезет хилла д1ах1оьттира иза. Хьалхарчу дийнахь тезет д1ахьош кадам схьаоьцуш вара Къилбаседа Кавказан 1еламнехан кхеташонан Председатель Кадыров Хожа-Ахьмад-Хьаьжа. Цигахь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Ткъа иштта Дагестан Республикин Куьйгалхо Абдулатипов Рамазан, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, официальни кхиболу нах а, республикин бIеннаш бахархой.
Р.Кадыровс билгалдаьккхира Д.Абдурахмановс халачу цамгарца еххачу хенахь къонахаллица, доьналлица къийсам латтийна а, яккхий операцеш лайна а хилар.
Хьаьжин мурдаша зуькарш а деш т1аьххьарчу новкъа ваьккхира Дукхуваха Бараман га лаьцна вара Кадыров Рамзан. Кашчу а воьссина, иза шен куьйга лахьти чу виллира цо…
«Баштин Дукхувахас шен тIаьххьарлерчу деношна тIекхаччалц жигара дакъалецира республикин дахарехь. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин тешамечу бIанакъостех цхьаъ вара иза. Абдурахманов Дукхувахас къаьсттина ч1ог1а къийсам латтийра Нохчийн Республикин а, ерриге а Россин а мостагIашца. Иза вовза а вевзара, даггара сий дарца лара а лорура Россин политикаша а, юкъараллин деятельша а».
Д.Абдурахмановс дуккха а гIуллакхаш дира Къилбаседа Кавказан халкъаш цхьабарт беш цхьаьнатохарехьа а, регионашна юккъера уьйраш чIагIъярехьа а.
«Нохчийн Республикин Парламентан Председатель а волуш, Д.Абдурахмановс йоккха хазна юкъайиллира иза дIахIотторна. Баштин Дукхуваха гуттаренна а вуьсур ву Нохчийн Республикин бахархойн иэсехь. Ас даггара кадам бо Баштин Дукхувахин гергарчаьрга а, бевза-безачаьрга а, дерриге а нохчийн халкъе а! Дала гечдойла цунна!» – элира Р.Кадыровс.
Абдурахманов Дукхуваха итт шарахь Нохчийн Республикин Парламентан коьртехь лаьттина ву. Ехха цамгар текхначул тIаьхьа иза кхелхира оршот дийнахь. Иза кхалхарца доьзна кадамаш бахкийтина Федерацин Советан Председатела Матвиенко Валентинас, Россин Федерацин Президентан гIоьнчас Сурков Владислава, Кхарачойн-Чергазийчоьнан Куьйгалхочо Темрезов Рашида, дуккха а кхечара а.
С.ЛАЛАЕВ
№ 73, еара, 2 июль, 2015 шо