Кадырова Хутмата Ӏуналла дийр ду могашалла Ӏалашйаран дéкъана

Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Секретариатан куьйгалхочун гӀовс йолчу Кадырова Хутматах тешийна могашалла Ӏалашйаран дéкъана Ӏуналла дар.

Оцу хьокъехь хаам бина республикин вице-премьера Алханов Адама.

Билгалдоккху, коьртехь Алханов Адам а, Кадырова Хутмат а йолуш, могашалла Ӏалашйаран дéкъана лерина кхеташо тахана Соьлжа-ГӀалахь дӀайаьхьна хилар.

Цигахь дакъалоцуш хиллачу могашалла Ӏалашйаран министра Лорсанов Сулеймана, шен доклад а йеш, Кадырова Хутматана довзийтира могашалла Ӏалашйаран дéкъера хьал.

Оцу дéкъехь баккхий хийцамаш бар шен Ӏалашонехь хилар ша Хутмата а хаийтира.

Иштта, могашалла Ӏалашйаран дáкъа шех тешорна, Нохчийн Республикин Мехк-Дена баркалла а элира цо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: