Керла хьешацӀа деш ду лаьмнашкарчу «Ведучи» курортехь

Итон-Кхаьллан кӀоштан лаьмнашкарчу «Ведучи» курортехь хилла Кадыров Рамзан.

Шеца цхьаьна Россин Федерацин Президентан хьехамча Эдельгериев Абубакар а волуш, цо теллина цигахь дӀахьош болу белхаш.

Масала, карарчу хенахь цигахь йина йолуш йу керлачу хьешацӀийнан 3-гӀа корпус.

Хьеший дӀатарбаран 202 лоьмар а, конференц-зал а, ресторан а, СПА-туш а хир йолуш цу чохь.

Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, цигара белхаш 70%-на дӀабирзина.
Цул сов, 5 VIP-шалех лаьттачу кӀотарахь а хилла Кадыров Рамзан.

ХӀора а шале 17 стагана лерина йу, ткъа уьш йаран белхаш 90%-на дӀабирзина.

«Нохчийн Республикин бахархошна а, хьешашна а садаран бегӀийла хьелаш кхуллуш ду вай«, — хаийтина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: