
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кӀентан йоӀа Кадырова Табарика кхоьллина «ИРС ГРУПП» компани болх бан йолайелла.
Шен болх дӀаболорца цхьаьна цхьаьнагӀуллакхдаран хьокъехь барт бина оцу компанис Исламан финансийн «Фаворит» группица а, Шайх Зайедан цӀарахчу фондаца а.
«ИРС ГРУПП» компанин Ӏалашонийн проекташ кхочушйаро белхан керла меттигаш лур йу.
Цул сов, экономикин тайп-тайпана дáкъош кхиорна Ӏаткъам а бийр бу цара.