Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан: Со могаш а ву, сан пӀелгахь электронни лорург а йу

ХӀокху деношкахь Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан а хилла цхьаьнакхетар довзуьйтуш, Кремлан сайта тӀехь зорбатоьхначу видеох боккха «кхаъ» хиллера Россерчу цхьамогӀа шуьйрачу хаамийн гӀирсашна.

Цхьаболчу журналисташна нохчийн Мехк-Ден пӀелга тӀехь байра бевзаш боцу гӀирс.

Цунна тӀе а тевжаш, иза «медицинин катетер» йу аьлла, хаамаш а баржийра цара.
Ша Кадыров Рамзана, и хьал шена беламе хеташ хилар дӀа а хоуьйтуш, бовзийтина шен пӀелгахь хилла «гӀирс» — электронни лорург.

«Салаваташ дагардаран сан электронни лорурган хьокъехь дуккха а дийцарш хилла. Цунна ца туьллуш цӀе-м йисина а хир йац: орцанан нуьйда, медицинин гӀирс, бевзаш боцу гӀирс, и.д.кх.а. Пал туьйсуш, хаа а, тӀаьхьакхиа а гӀерташ ву массо а. Церан и хьежамаш а, царна моьттурш а беламе хета суна«, — билгалдаьккхина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: