
Белхан гӀуллакхца цхьамогӀа кӀошташкахь хилла Кадыров Рамзан Органан гидрокорта тобаран майдане а кхаьчна.
Шелан а, Хьалха-Мартан а, Грозненски а кӀошташкахь а, Устрада-ГӀалин округехь а йуьртан бахаман хьашташна лелочу латтанашна хица кхачойаран белхашна доккха маьӀна долуш объект йу иза.
Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, дикаллин лехамашна беш иэшам а боцуш, сихаллехь къахьоьгуш бу цигахь гӀишлошйархой.
Цара тойина хиӀаӀоран чӀинг (плотина), иштта, йина белхан чоьнаш а, тойаран-механикин пхьалгIанаш а.
Цул сов, чIингана тIехула тIай а тиллина.
Мехала ду цигарчу гIирсашна автоматан кепехь урхалла дийриг хилар.