Ӏалхан-ГӀаларчу куьпан дарбанцӀенна керла гӀишло йина

Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран хьалхара дакъа кхиоран гурашкахь керла гӀишло йина Ӏалхан-ГӀаларчу куьпан дарбанцӀенна.

Лоьрашна а, дархошна а оьшуш мел долу хьелаш кхоьллина цу чохь, иштта, медицинин лехамашца йогӀуш чоьнаш а кечйина.

150 стаг тӀелацаран поликлиниках а, дийнан стационарах (25 маьнга-меттиг) а лаьтташ ду дарбанцӀа.

Ша Ӏалхан-ГӀаларчу а, луларчу йарташкарчу а 17 эзар стаган хьашташна лерина хир долуш ду иза.

ХӀинццалц оцу дарбанцӀийно пайдаоьцуш хилла гӀишло 1960-чу шарера хилла хилар билгалдоккху могашалла Ӏалашйаран министерствон векалша.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: