(Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Абдурахманов Дукхуваха кхалхарца доьзна)
Кхелхина Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Абдурахманов Дукхуваха.
Цо еххачу хенахь къонахаллица, доьналлица къийсам латтийра халачу цамгарца, масех йоккха операци а лайра.
Баштин Дукхувахас шен тIаьххьарчу деношна тIекхаччалц жигара дакъалецира республикин дахарехь. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин тешамечу бIанакъостех цхьаъ вара иза. Абдурахманов Дукхувахас къаьсттина ч1ог1а къийсам латтийра Нохчийн Республикин а, ерриге а Россин а мостагIашца. Иза вовза а вевзара, даггара сий дарца лара а лорура Россин политикаша а, юкъараллин деятельша а. Цо дуккха а гIуллакхаш дира Россин Федерацин халкъаш, цхьабарт беш, цхьаьнатохарехьа а, регионашна юккъера уьйраш чIагIъярехьа а.
Нохчийн Республикин Парламентан хьалхара Председатель а волуш, Абдурахманов Дукхувахас мах хадийна ца валлал йоккха хазна юкъайиллира иза дIахIотторна.
Баштин Дукхуваха даима а Нохчийн Республикин халкъан иэсехь вуьсур ву.
Ас даггара халахетарца кадам бо Баштин Дукхувахин гергачаьрга а, бевза-безачаьрга а, дерриге а нохчийн халкъе а!
Сийлахь-Воккхачу Дала гечдойла цунна!
№ 73, еара, 2 июль, 2015 шо