
МеттахӀотточу ГаланчӀожан кӀоштахь кхочушйан леринчу инвестицийн проектийн реестр кхоьллина республикехь.
Мехкан Премьер-министра Хучиев Муслима дӀайаьхьначу кхеташонехь билгалдаьлла иза.
Цул сов, туризман маршруташ къасторан а, культурин тӀаьхьалуонийн объекташ меттахӀитторан а дакъошкахь а дӀахьош белхаш бу цигахь.
КӀоштана йукъайогӀуш хир йолчу йартийн дозанаш къасторан болх хӀинцале а дӀабаьхьна.
И дозанаш ДӀасацабахьалучу бахаман цхьааллин реестрана (ЕГРН) чубахар тӀедиллина Премьер-министра.