
Ю.Дешериевн цӀарахчу Лингвистикин ишколехь дӀадаьхьира Хьехархочун а, хьехамчин а шо дӀадолорна лерина доккха цхьаьнакхетар.
Цигахь дакъалецира Премьер-министра Хучиев Муслима, дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис, къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада, кхечара.
Россин серлонан министран Кравцов Сергейн видеокостаца дӀадолийнчу оцу цхьаьнакхетаран гурашкахь берийн а, хьехархойн а тобанаша кхоллараллин гайтамаш а дӀабаьхьира.
Иштта, циггахь дӀадаьхьира «Послание моему Учителю» аьлла йолу эссе йазйаран конкурсан толамхошна совгӀаташ дар а.