Йукъараллин транспортан керла маршрут болх бан йолайелла пачхьенехь

Соьлжа-ГӀалахь болх бан йолайелла йукъараллин транспортан керла маршрут — №19.

Оцу хьокъехь хаам бина транспортан а, зӀенан а министра Черхигов Рамзана.

Цо билгалдаккхарехь, керлачу маршрутаца дуьххьалдӀа хӀуттур йу пачхьенера микрорайонаш («Беркат — 2» социйла) а, БухӀан-Йурт («Дениева» социйла) а.

Хьалхарчу муьрехь, маршрут толлуш, 4 автобус дӀасалелар йу керлачу маршрутехула, 30 минот йукъа а йулуьйтуш.

ТӀаьхьуо алсамйоккхур йу маршрутана лерина транспорт, иштта, автобусашна йукъара хан а йацйийр йу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: