
Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин 30 шо кхачарна лерина даздарш дӀадаьхьна Соьлжа-ГӀалахь.
Цигахь дакъалаьцна Премьер-министра Хучиев Муслима, министраша, Ӏилманчаша, Ӏеламнаха, дешаран хьукматийн а, Ӏедалан органийн а, муниципалитетийн а векалша.
Мехала дара оцу даздаршкахь дакъалоцуш Россин цхьамогӀа субъекташкара Ӏилманчаш а, беза хьеший а хилар.
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан маршаллин кост Хучиев Муслима дӀа а доьшуш долийра даздаран цхьаьнакхетар.
Цул тӀаьхьа хиллачу шен къамелехь Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президента Умаров Джамбулата историн бакъдерг Ӏалашдарехь тӀехдоккха дакъалоцуш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан хилар билгалдаьккхира.
«Академик хилла ца Ӏаш, Академи ир-карахӀитториг а ву Ахьмад-Хьаьжин Рамзан. Цуьнан гӀо-орца бахьана долуш, ма-йарра йолу вешан истори йовза аьтто баьлла вайн тахана«, — элира цо.
Иштта, «НР-хь Ӏилма кхиорехь дакъалацарна» аьлла йолу Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин дашо мидал а йелира Умаров Джамбулата Нохчийн Республикин Мехк-Дена.
Даздаран цхьаьнакхетаран чаккхе концертан программица хилира.