
Гуьмсан кӀоштарчу Лаха-Нойбоьрахь хилла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан.
Шеца цхьаьна мехкан Муфтин наиб Хитиев Ансар а волуш, Мехк-Дас билгалйаьккхина оцу йуьртахь керла «Делан хӀусам» йогӀаран майда.
Делимханова Мареман цӀарах хир долу и маьждиг меттигерчу бахархойн дехарца дан лерина.
«Нохчийн зудчун бӀаьрла масал дара Юсупан Марем. Эсала, Делах кхоьруш, дог-цӀена, хьекъале — иштта дагахь лаьтташ йу иза«, — йаздина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.
Цуьнан цӀарах и маьждиг даран белхаш шен чоьтах байтар Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо тӀелаьцна.
Керлачу маьждигах меттигерчу бахархошна доккха совгӀат хирг хиларх тешна ву Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан.