
«ЦӀена хи» федеральни Ӏалашонийн проектан гурашкахь цӀеначу хица кхачойийр йу Шелан кӀоштан йарташкарчу 9 эзар вахархочунна.
Республикехь, «ЦӀена хи» федеральни Ӏалашонийн проектан а, «ХӀусамаш а, гӀалин хьелаш а» къоман проектан а гурашкахь, 2019-чу шарахь дуьйна, молу хи IаIоран 22 объект йина хилар билгалдаккха догӀу.
Оцу 4 шарахь керла объекташ йина 2 гӀалахь а, цхьамогӀа кӀошташкахь а: Устрада-ГӀала а, Соьлжа-ГӀала а, иштта, Невран а, Теркан а, Курчалойн а, Грозненски а, Шелковски а, Эна-Хишкан а, ТӀехьа-Мартан а, Хьалха-Мартан а, Шелан а, Нажи-Йуьртан а, и.д.кх.а кӀошташ.
2024-гӀа шо чекхдолуш молучу цӀеначу хица кхачойийр йу республикерчу 82,9% бахархошна, ткъа гӀаланашкахь и гайтам 92,9%-е хьалабоккхур бу.