В.Путина куьг йаздина Соьлжа-ГӀалин кӀоштийн суьдийн цӀераш хийцаран хьокъехьчу ФЗ-на

Россин Федерацин Президента Путин Владимира куьг йаздина Соьлжа-ГӀалин кӀоштийн суьдийн цӀераш хийцаран хьокъехьчу законна (№61-ФЗ / 18.03.23).

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.

И закон, Нохчийн Республикин Парламентан кхайкхамца а догӀуш, Россин Федерацин Пачхьалкхан думин депутаташа тӀеэцна дара.

ХӀинца дуьйна, оцу ФЗ-н лехамашца а догӀуш, Соьлжа-ГӀалин кӀоштийн суьдийн цӀераш иштта хийцина: ① Ленински кӀоштан суд — Ахьмадан кӀоштан суд; ② Октябрьски кӀоштан суд — БойсгӀаран кӀоштан суд; ③ Старопромысловски кӀоштан суд — Висаитовн кӀоштан суд; ④ Заводски кӀоштан суд — Шайх Мансуран кӀоштан суд.

Соьлжа-ГӀалин кӀоштийн цӀераш 2020-чу шарахь хийцарх а, цуьнан кӀоштийн суьдийн цӀераш хӀинццалц хийцина цахиларца доьзна дара и закон тӀеэцар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: