«Соьлжа-ГӀалин хӀорд» комплексана гуонахара майданаш цӀанйаран декъехь дӀахьош боккха белхи бу.
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан кхайкхамца дӀахьош болх бу иза.
Карарчу хенахь, Соьлжа-ГӀалин мэрис билгалдаккхарехь, цигахь къахьоьгуш 2 эзар сов стаг а, 20 техника а йу.
ЦӀанйан леринарг 20 га майда йу, цуьнан ах сов дакъа хӀинцале цӀан а дина цара.