
«Нохчийн халкъан историн керла агӀо схьайиллина аш 20 шо хьалха, Россица цхьаьна хилар а хоржуш«, — билгалдаьккхина Липецкан пачхьалкхан хьехархойн университетан ректора Федина Нинас.
Цо билгалдаккхарехь, Йерригроссин а дезде ду хӀинца Нохчийн Республикин Конституцин де.
«Коьртехь шайн Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а волуш, тахана аш Ӏалашдо шайн халкъ а, Россин кхидолу халкъаш а. Соьлжа-ГӀалахь сайн доттагӀий хиларх дозалла до ас«, — дийцина Федина Нинас Нохчийн Республикин Конституцин 20 шо кхочуш хиларца доьзначу шен декъалдарехь.