Лерринчу зӀенан Урхалла болх бан йолайелла Нохчийн Республикехь

Соьлжа-ГӀалахь болх бан йолайелла Лерринчу зӀенан Нохчийн Республикехула йолу Урхалла.

Оцу хьокъехь хаам бина вайн мехкан транспортан а, зӀенан а министра Черхигов Рамзана.

Цо билгалдаккхарехь, 1993-чу шарахь дуьйна Нохчийчохь шен болх сацийна бара предприятис.

Ткъа хӀинца, Урхалло шен болх дӀаболорца а догӀуш, республикин бахархойн аьтто хир бу оцу предприятин балхах пайдаэца.

Урхалло шен болх дӀаболорца белхан 22 меттиг кхоьллина хилар а билгалдаьккхина Черхигов Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: