Йуьртан бахаман сурсатийн барам алсамбаьлла карарчу шарахь.
Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана дӀайаьхьначу кхеташонехь билгалдаьлла иза.
Оцу хьокъехь хаам а беш, йуьртан бахаман декъера хьал довзийтина Премьер-министра Хучиев Муслима.
Цо билгалдаккхарехь, йуьртан бахаман сурсатийн барам 2,2 млрд ₽-на алсамбаьлла карарчу 2023-чу шарахь.