
Гайтам-музей ларалуш йолу «Толаман ЦӀерпошт» тахана а, кхана а Гуьмсехь йу.
Оцу гӀалин а, республикин а бахархой а, хьеший а маьхза хьовса йиш йолуш бу цуьнга.
Вовшахтохархоша билгалдаккхарехь, Гуьмсерчу цӀерпоштнекъийн вокзалехь лаьттачу «Толаман ЦӀерпоште» хьаьжнарг 1 эзар сов стаг ву.
Иштта, кхидӀа иза луларчу Дагестане гӀур йолуш хилар а хоуьйту цара: 1️⃣ХӀинжа-ГӀала, 2️⃣Дербент, 3️⃣ГӀизлар-ГӀала.