Побединскерчу колледжехь дийцина нохчийн маттах а, «Даймохк» 100 шо кхачарх а лаьцна

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийнчу Нохчийн меттан шеран гурашкахь Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада хӀоттийнчу планаца жигара белхаш дӀахьо «Даймохк» газетан редакцин векалша.

Царах ду муниципалитеташкахь а, тайп-тайпанчу хьукматашкахь а «Нохчийн мотт — къоман са» цхьаьнакхетарш дӀадахьар.

РогӀера цхьаьнакхетар Грозненски кӀоштахь дӀадаьхьна — билггал аьлча, Побединскерчу пачхьалкхан колледжехь.

Цигахь, кхеташ ма-хиллара, дакъалецира оцу колледжан куьйгаллин векалша а, студенташа а, иштта, «Даймохк» газетан культурин отделан редактора Эльдерханова Зайнапа а, корреспондента Вегиева Маккас а.

Цара дийцаре дира нохчийн маттаца а, литературица а доьзнарг, ненан мотт Ӏаморехь, Ӏалашбарехь йукъаралло йоху гӀулчаш, къоман «Даймохк» газетан 100 шо кхочуш хилар, и.д.кх.а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: