
Нохчийн Республикин экономикин а, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствон сайта тӀехь дӀахьош бу хӀорашеран IT-хаттам.
Бахархошна лерина бу иза, меттигашкарчу урхаллийн куьйгалхойн белхан эвсараллин мах а хадабойтуш цаьрга.
Хаттам дӀабирзинчул тӀаьхьа, цуьнан жамӀаш зорбатухур ду Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин сайта тӀехь.
ГӀуран беттан 31-ра де кхаччалц лаьттар болчу цуьнан гурашкахь, шайн мах а хӀоттош, бахархоша билгалйоккхур йу коммунальни бахамца а, транспортаца а доьзна шайн хьашташ меттигашкарчу урхаллийн куьйгалхоша кхочушдаран эвсаралла.
И болх Россин Федерацин Президентан Указийн лехамашца дӀахьош хилар хоуьйту Нохчийн Республикин экономикин а, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствон векалша.