Могашалла Ӏалашйаран декъера хьал дийцаре дина Мехк-Ден цхьаьнакхетарехь

Медицинин декъера хьал а, иза кхиорца йоьзна Ӏалашонаш а йийцаре йина Кадыров Рамзана Нохчийн Республикин Мехк-Ден Секретариатан куьйгалхочун гӀовсаца Кадырова Хутматаца ша дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь.

Могашалла Ӏалашйаран декъана Ӏуналла деш йолчу цо хаийтира реабилитаци йечу бахархошна мел оьшуш долу хьелаш вайн республикехь кхоьллина хилар.

Оцу балха тӀехь доккха гӀо-накъосталла деш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера Йукъараллин фонд хиларна тӀе тидам а бахийтира цо.

Цул сов, баккхийчу дархошна леринчу маьнга-меттигийн фонд 400 герггана 2022-чу шарахь тӀейуьзна хиларх а дийцира.

Иштта, Кадырова Хутмата хаийтарехь, 275 млн ₽-на 244 гӀирс а эцна медицинин хьукматашна.

Медицинин реабилитацин хьокъехь дуьйцуш, цо билгалдаьккхина цунах чекхваьлларг 15 эзар стаг хилар, шайх 1 355 стаг кхечу регионашкара а волуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: