
Мархийн бутт дӀаболабаларца а догӀуш, Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министерствос дӀайолош йу «Ӏуьйренан ламаз» аьлла йолу акци.
ХӀокху сийлахьчу беттан хӀора а Ӏуьйра-ламаз «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь динчу берана (15 шо кхачаза хила деза иза) мехала совгӀат лур ду.
Оцу хьокъехь хаам бина вайн мехкан физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министра Ибрагимов Ӏийсас.