Бахархойн хьашташна 700 сов уьйтӀе тойина пачхьенехь

2003-чу шарахь дуьйна, Соьлжа-ГӀалахь гӀишлошйаран а, меттахӀитторан а белхаш дӀабаьхьна ца Ӏаш, бӀеннашкахь уьйтӀеш а тойина.

Билггал аьлча, 700 сов уьйтӀе йу тойинарг.

2003-2022-чуй шерашкахь Соьлжа-ГӀалин мэрис бинчу балхана леринчу шен докладехь иштта хаам бина пачхьенан мэра Кадыров Хас-Мохьмада.

Цул сов, йукъараллин хьашташна 45 майда а йина Соьлжа-ГӀалахь — паркаш, сквераш, аллейш, бошмаш, и.д.кх.а.

2016-2022-чуй шерашкахь дукхапетарийн 487 цӀа а тодина республикин пачхьенехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: