
Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран декъан куратора — Нохчийн Республикин Мехк-Ден Секретариатан куьйгалхочун гӀовса Кадырова Хутмата дӀакхайкхийна «Башхачу берийн дуьне» аьлла йолу гӀоьналлин акци.
ДӀаболабеллачу Мархийн баттаца йоьзна а, берийн реабилитацина лерина а, республикин тӀегӀанехь дӀахьур йолуш а йу иза.
Цуьнан Ӏалашо — махкарчу берийн реабилитацин туьшашкарчу башхачу берашна йукъараллин тидам тӀебахийтар.
Акцехь дакъалаца луучеран аьтто бу оцу берийн хьашташца богӀуш болу гӀирсаш эца а, кхидолу церан гӀуллакхаш кхочушдан а.
Кадырова Хутмата йаздина куьг а долуш, баркаллин дипломаш лур ду акцин дакъалацархошна.
Берийн цӀераш а, церан хьашташ а хийцалуш хир ду хӀоразза а.
ЗӀе: 8(938)009-00-09; хаамаш — @rehab_chr, @icfirm_95.