
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Нохчийн пачхьалкхан университетехь дӀайаьхьна Нохчийн Республикин Конституцин 20 шо кхачарна лерина флешмоб.
Цуьнан гурашкахь, университетан коьртачу корпусан уьйтӀахь гул а белла, «20 ЧР» йозанан кепехь дӀахӀиттинера студенташ.
Иштта, оцу йозанна йуккъехь тематикин баннер а хӀоттийнера вовшахтохархоша, шена тӀехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сурт а долуш.
Билгалдоккху, «20 ЧР» йозанан кеп йарехь дакъалоцуш 3 эзар студент хилла хилар.
Нохчийн Республикин пачхьалкхан байракхан беснашна догӀуш долу бес-бесара лоппагаш а дара цаьргахь.