
Нохчийн Республикин Конституцин денца республикин бахархой декъалбина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, нохчийн халкъо, шен дог-ойла а, лаам а бовзуьйтуш, вайн мехкан Конституци тӀеэцна 20 шо кхаьчна тахана.
И хилам Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарца боьзна хилар а хаийтина Кадыров Рамзана.
«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дӀадолорца дӀайаьхьира 2003-чу шеран бекарг беттан 23-чохь Дерригхалкъан референдум. Цигахь тӀеийцира нохчийн халкъо Нохчийн Республикин Конституцин проект. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас кховдийна проект йара иза«, — билгалдаьккхина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.
Цо тидам тӀе ма-бахийттара, цул тӀаьхьа даьллачу 20 шарахь, саьлнашкара меттахӀоттийна ца Ӏаш, социальни а, экономикин а кхиаран некъа тӀе а йаьккхина республика Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъан векалша.
ХӀетахь и Конституци тӀеэцар ша Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, нохчийн халкъан а синан, политикин толам хилла хиларх тешаш ву Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан.