Нажи-Юьртан районерчу кхиазхойн социально-реабилитационни туьшарчу берашца экскурси дIаяьхьира №30 йолчу цIеяйъаран-гIодаран декъехь.
МЧС-н белхахоша берашна дийцира мич-миччахь лийча мегаш цахилар а, цIе ца ялийта хIун дан деза а, цIе яьлла меттиг хилча иза д1аяйъа хIун бахьанаш лело деза а. №30 йолчу цIеяйъаран-гIодаран декъан хьаькаман заместитела Дакаев Адама берашца шен хиллачу къамелехь билгалдаьккхира цIе яьлча а, кхиболу бохам хилча а МЧС-н белхахошка кхайкха дезаш хилар.
Муьлхха а Iаламан бохам хилча а, я наха ларъян езаш йолу бакъенаш ца ларъяр бахьана долуш хилла бохам хилча а, аш сихонца МЧС-н белхахошка орца даккха деза. Вай, нохчий, цхьа доьзал бу. Цундела вовшашка хьовсуш хила деза. Цхьа зулам хуьлучу меттехь тхоьга кхайкхича, шу тхуна гIо динарш хуьлу. Ткъа оха тхайн ницкъ кхочучу барамехь шуна гIодийр ду. Цундела, мало ца еш, вовшашка хьовсуш хила деза. Амма хилла хIумма а доцуш МЧС-н белхахошка кхайкха мегар дац. ХIунда аьлча цхьамма «ловзархьама» тхоьга кхайкхинчу хенахь кхечунна баккъал а г1о оьшуш хила тарло, – дийцира Дакаев Адама.
Экскурси дIахьош берашна гайтира шайн декъан белхан гIирсаш. Цара муха болх бо а дийцира. Цул сов баьхкина кегийчу хьешийн аьтто хилира йоццачу ханна «цIеяйъархой» хила. Царна тIе боевкаш юьйхира. Иштта арахь жимма цIе а латош и дIаяйъа а Iамайира.
А.АБДУЛАЕВ
№ 74, шот, 4 июль, 2015 шо
