НР-н Халкъан гуламан дакъалацархошка маршаллин кост даийтина РФ-н Президента

Россин Федерацин Президента Путин Владимира маршаллин кост даийтина тахана Соьлжа-ГӀалахь дӀабаьхьначу Нохчийн Республикин Халкъан гуламан дакъалацархошка.

И Гулам, хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Конституцин 20 шо кхачарна лерина бара.

Шен костехь Путин Владимира билгалдаьккхина 2003-чу шеран бекарг беттан 23-гӀа де нохчийн халкъан исторехь маьӀне, хиламе терахь хилар.

Цо тидам тӀе ма-бахийттара, Нохчийчоь Россица хилар оцу дийнахь къобалдина нохчийн халкъо.

Иштта, нохчийн халкъан ондда лаам бахьана долуш, таханлерчу нохчийн пачхьалкхаллин бух кхоьллина хилар а хьахийна Путин Владимира.

Цул сов, НР-н хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъана муьтӀахь а долуш, нохчийн халкъо шен мохк кхиош хилар а тидамза ца дитина цо.

Къаьсттина тидам тӀебахийтина, шайгара майралла а, доьналла а гойтуш, Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш дуккха а нохчий хиларна.

Халкъан Ӏалашонаш а, Гуламан дӀадолорш а кхочушхиларх ша тешаш хилар а хоуьйтуш дерзийна Россин Президента шен кост.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: