
Нохчийн Республикин Конституцин 20 шо кхачарца республикин бахархой декъалбина Россин Федерацин Премьер-министра Мишустин Михаила.
Цо билгалдаккхарехь, 2003-чу шеран бекарг беттан 23-гӀа де Нохчийн Республикин исторехь башха меттиг дӀалоцуш терахь ду.
«Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьана долуш, оцу дийнахь кхажтесира нохчийн халкъо, шен мехкан Коьрта закон тӀе а оьцуш«, — йаздина Мишустин Михаила.
Иштта, Нохчийчоь кхиаран а, республикин бахархойн хьашташ кхочушдаран а чӀагӀо и Конституци хиларна тӀе тидам а бахийтина цо.
Цул сов, Конституци бахьана долуш, нохчийн халкъ а, нохчийн мохк а сирлачу кханене кхийдаш хиларх а тешаш ву Россин Федерацин Премьер-министр.