«Соьлжа-ГӀалин хӀорд» комплексана гергахь керла парк йийр йу

СадаӀаран «Соьлжа-ГӀалин хӀорд» комплексана герггахь керла парк йийр йу.

Дизайн-проекте а хьожуш, пачхьенан мэр Кадыров Хас-Мохьмад хилла цигахь.

Цо билгалдаккхарехь, керла парк Соьлжа-ГӀалин бахархошна а, хьешашна а хазахетачу майданех цхьаъ а хилла дӀахӀуттур йолуш йу.

Паркана лерина майда (20 сов га), 2 эзар сов стага белхехь дакъа а лоцуш, хӀинцале а дӀацӀанйина.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: