
Устрада-ГӀаларчу «ЧеченАвто» заводехь алсамдоккхур ду LADA «Granta» машенаш вовшахтасар.
Шарахь 10 эзар гергга машен вовшахтасар ду заводан куьйгаллин Ӏалашонехь.
Цул сов, УАЗ машенаш йаран болх дӀаболоран гӀуллакх а ду толлуш.
ГАЗель NEXT машенаш вовшахтасаран болх цигахь даханчу шеран гурахь дуьйна дӀаболийна хилар а билгалдаккха догӀу.
Баттахь 100 гергга и машен а вовшахтаса ницкъ болуш йу «ЧеченАвто».